Массо а хенахь хьехархо лараме хилла ву йукъараллехь.
19:17
14.06.2026
Массо а хенахь хьехархо лараме хилла ву йукъараллехь. Школехь болх бина ца Iаш, нехан дахарехь а хьехамча а, дика накъост а хуьлу иза. Нохчаша гуттар а лоруш хилла дешна стаг, хIунда аьлча оьшучу хенахь цунах накъост хир вуйла хууш. «Дешна нах вайна йукъахь дукха мел хили а, вайца харцо лело ницкъ кхочур бац вайна вон болх бан луучеран. Йоза-дешар ца хуу стаг бодане ву, иза атта левийр ву хьаъа а, цунна шен бакъонаш ца йовзарна», – олура наха хьалха. Йуккъерчу Азе дIакхалхийначуьра нохчий Даймахка цIабирзинчу хенахь лаккхара дешар дешна стаг йоккхачу йуьртахь а цхьаъ-шиъ бен ца хуьлура, жима йурт-м йийца а ца оьшура. Генарчу махкахь вай долчу хенахь деша аьтто хилларш вуно кIезиг бара, ур-аттал йуккъера школа йаьккхинарш а дукха бацара. Школа йаьккхинарш берашна хьеха а, йуьртан совете урхалла дан а, совхозе, колхозе куьйгаллин болх бан а бохуьйтура цу хенахь Iедало. Дешна, корматалла йолу говзанчаш тоьуш бацара вайн республикехь – къаьсттина йарташкахь. Цундела кегий нах деша бохуьйтура вузашка а, корматаллин йуккъерачу заведенешка а. ЙухаметтахIоттийначу Нохч-ГIалгIайн республикина къона инженераш, хьехархой, лоьраш, юристаш, экономисташ, нефтан а, йуьртбахаман а декъехь говзанчаш оьшура вуно чIогIа. Цундела кегий нах дешарна тIебирзинера, дукхахберш вайн цIахь, Соьлжа-ГIалахь, вуьш кхечу регионашкахь доьшуш бара.
Иштта тхан йуьртахь, Т1ехьа-Мартанан к1оштахь, вара Казахстанехь а, Киргизехь а йуккъера школа чекхйаьккхина масех жима стаг. Царах цхьаъ вара Т1ехьа-Мартанан №6 йолчу йукъарадешаран школехь нохчийн меттан хьехархо хилла а волуш Малсаков Смаил Байсултанович.
Иза вина 1938 шарахь чилланан беттан 10-чу дийнахь. Кхечу берийн санна, цуьнан бералла д1айахара Казахстанехь. Цигахь школа чекхйаьккхира цо. Зама чолхе а, хала а хиларе терра, оьшучу х1уман т1ехь дений-нанний г1о-накъосталла деш, шахтехь болх бира цо.
ЦIадирзинчул тIаьхьа дукха хан йалале, йуьхьанцарчу классашна хьоьхуш школе балха х1оьттира Смаил. Болх а беш, 1963-1969-чу шерашкахь Нохч-ГIалгIайн пединститутан нохчийн меттан факультетехь дийшира.
1968-1997-чу шерашкахь лакхарчу классашкахь нохчийн мотт а, литература а хьоьхуш болх бира цо.
Смаил Байсултанович тоьллачу хьехархойх цхьаъ вара. Балхахь баккхий кхиамаш бахарна Нохчийн республикин «Лакхара хьехархо» («Старший учитель»), «Халкъан серлонан дикахаархо» («Отличник народного просвещения»), «Къинхьегаман ветеран» («Ветеран труда») аьлла цIераш а йелла Смаилана, кхин дуккха а совгIаташ а дина.
Ша хаьржина корматалла атта йоцийла а хууш, цуьнан лакхенашка кхача хьаьжна Смаил. Берийн дог-ойла хууш а, цаьрга йолу шен деган марзо гойтуш дика хьехархо вара иза. Ша школехь хьоьгу къа берийн дуьхьа долуш, церан дика хаарш хилахьара-кх, уьш гIиллакхе а, оьзда а хилахьара-кх бохуш, вара иза. Цунна хаьара, бен воцуш хилар хьехархочун корматаллехь маггане а мегар доцуш хIума дуйла. Цундела массо а урокана леррина кечам беш, цунна оьшу гIирс кечбеш, урокана кхин а тIеоьшу материалаш вовшахтухуш, къахьоьгура цо. Гуттар а бохург санна, предметашна йукъахь йолчу уьйрех пайда оьцура Смаила шен балхахь, къаьсттина нохчийн меттан урокехь.